???? РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».
25.11.2023📣 РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».
Чолхечу цlердешнийн нийсайаздар.
Шина йа масех дешан цхьаьнакхетар чолхе дош ларало, нагахь оцу цхьаьнакхетарехь керла маьlна а делахь, церан тlаьххьара дакъа бен хийцалуш а дацахь, царах цхьаъ ша къаьстина оццу маьlнехь лелаш а дацахь.
Масала:
дегабаам, беттаса, билгалдош, бочабlар, бобер, дагалацам, дагахьбаллам, Даймохк, даьхнилелорхо, деваша, дегайовхо, дейиша, демаьхча, денана, дешдакъа, жаlу, зудабер, йишикlант, йукъаметтиг, йоlстаг, кlантстаг, куцдош, къилбаседе, къинхетам, къинхьегам, малхбале, малхбузе, марваша, марда, марнана, маьрйиша, маьхчйоl, маьхчкlант, мехкадаьтта, ненамаьхча, ненанана, стунваша, стунда, стунйиша, стуннана, тешнабехк, озабезам, хьелиозархо, цlердош, цlийнда, цlийннана, цlоькъалом, шагатlулг, шалгу, шедакхаж, шичйоl, шичкlант.
📌 Билгалдаккхар.
Шолгlа дакъа «кlант», «йоl» дешнашца долчу цхьаьнакхетаршкахь дакъош къаьстина йаздар а магадо, хьалхара дакъа йуьззинчу кепехь а йаздеш.
Масала:
шичин кlант, маьхчин кlант, шичин йоl, маьхчин йоl.
#нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент